ГДЗ Ошаев Дудин Халид. Чайра 1. Дийнатех лаьцна муьлха говзарш йешна аш? Барзо аьлланиг ца хуьйцу, Маьлхий суьрк-хьаь...
Ошаев Дудин Халид. Чайра
1. Дийнатех лаьцна муьлха говзарш йешна аш?
Барзо аьлланиг ца хуьйцу, Маьлхий суьрк-хьаькхи.
2. Мича Iалашонца кхобуш хилла нохчаша жIаьлеш?
ЦIей декъан а, даьхнин а дола дан, гIаролла дан, цул совнаха Чайра дика таллархо а хилла.
3. Дийцаран коьртачу турпалхойн куп-кеп довзийта шайн дешнашца.
- Мохьмад — къона, дика, собаре кIант ву. Цо цхьаъ бен боцу шен вир-йолгу дIа а йелла, Чайра шен даггара хьоме доттагI санна кхобу.
- Даду — иза Мохьмадан де ваша ву, хьалха гIалгIазкхийн эпсар хилла, хьал долуш стаг ву.
- Чайра — хьекъал долу, тешаме, доьналла долу борз-жIаьла ду, шен дена (Мохьмадна) муьтIахь а, адамах кхеташ а ду.